Ибба Шейхин д1ахьедар


Шарпудди Ильясов диначу дIахьедаро — http://golosichkerii.com/index.php/chri/215-k1illojn-toba-guchujalla  — тоьшалла до, видеоролик  «TopSecret Agensy» ц1арах  «Мусаев Илес дает показания … »  фальш хилар и кечьяйтинарг выпускник милицейской академии г. Санкт-Петербург  Усман Фирзаули а хиларИзза    «TopSecret Agensy» куьйгалхо ву videorolik «Аслан Масхадов дает оценку действиям Ахьяда Идигова» кечьяйтинарг а

ХIинццалца шайн кIиллойн болх чекхбуьйлуш хиларо Iехийна, даима иштта хира ду моьттуш хиллачух тера ду иза. Сан дина ният дара, и «кIиллойн тоба» гучуякха лерина. АллахIан гIоьнца, царех цхьаъ, шеен цIарца гучавели.

Цо а, цуьнан гIоьнчаша а схьакховдинарг зулам ду. Сайна догIачу декъана, цу зуламан дайшка аса дIахьедо, зулам лоьхучунна иза карорг хиларх, цу зулама т1аьхье хирг а хиларх, …

Усман,  шена елла задании кхочушъеш ву. Цуьнан хатIана эхь дара, и болх цо ца бича. Цунах тера ю тахана цунна елла задании а.

ХIинца Норвегехь Iаш болу и видеоролик яржош хилла цу «кIиллойн тобанан» декъахошка ала ду сан: «Суна хии, хIинца, шу, бакъйолу кIиллой юьйла!
Цхьанни а доьнал ма ца хили шун, аса шаьш «кIиллой ду!» аьлча, — http://golosichkerii.com/index.php/chri/205-kiillojn-toba — суна жоп дала. Шуна ма-мотталаш, шаьш кху зуламна юьстаха дуьсура ду, аша биначу белхан, зулам дакъа шуна а хир ду ин шаа АЛЛАХI!

Масала, Мусаев Илес, Мунаев Иса бехван гIертар, хIун Iалашо ю аьлча, и шеа кху Европе схьавеъчахьана, даима Росси пачхьалкхана дуьхьала болх беш ву, цхьаммо а, кху Европера пачхьалкхахь еш йоцу митингаш а еш.
Кхин хIумма а ца хилча, цу Мусаева Илесас лелош йолу сайт тоьура яра, цуьнан пусар дан. Нохчийн сайташна юкъахь, уггаре а тоьллачех сайт ю иза. И болх цаьрга дIа ца кхехьийта, гIазкхашна дуьхьала лерина болх ца байта, вайн нохчийн царех дог хердан лерина, Iалашо хила цу «кIиллойн тобанан».
25 шо хан ю, Мусаев Илес Нохчийн пачхьалкхан маршонан новкъахь, юха ца волуш къахьоьгуш волу. Иштта, шен доьналлица гIараваьлла ву нохчи турпалхо Мунаев Иса.  И нах бехбан гIертарш, цу Сийлахьчу Дала, ша бехбеш бу.

ЧРИ Генпрукорор ву олура соьга цу видеороликех доьзнарг толлуш. Бакъду, цунна гIодан дагахь иза аса лехарх, суна-м кара ца вира иза.
ХIинца, «хьан локхалла Пулколол!» шортта материал ю хьуна, хьайн балхан жамIа довзийта (суна-м хаьара, хьо цхьаа прукорор воцийла)!

Ибба Шейхи

Реклама

Один ответ

  1. Ибба Шейхи ! Откуда ты взял , что Ферзаули закончил милицейской академии г. Санкт-Петербург. Я знаю Ферзаули сидел в тюрьме за хищения совхозного сейфа. Помню как 1996 г со своей матерью устроил скандал с Хачукаевым Хизиром, который прихватил ЧИснаб.

Добавить комментарий

Заполните поля или щелкните по значку, чтобы оставить свой комментарий:

Логотип WordPress.com

Для комментария используется ваша учётная запись WordPress.com. Выход / Изменить )

Фотография Twitter

Для комментария используется ваша учётная запись Twitter. Выход / Изменить )

Фотография Facebook

Для комментария используется ваша учётная запись Facebook. Выход / Изменить )

Google+ photo

Для комментария используется ваша учётная запись Google+. Выход / Изменить )

Connecting to %s

%d такие блоггеры, как: