Итоговое письмо от Яраги Сулумову по «Махкахой диэхарх лаьцна»

n664776756_1898821_1558Ассаламу 1алайкум махкахой!

Цу оха бинчу « Махкахой диэхарх лаьцна»   цхьаболчу нехан  х1иттинчу хеттаршна жоп луш  доцца жам1 дан лаьара сунна. Уггар хьалха юха а т1е тидам бахийта лаьа сунна: цу т1ехь  юьйцуш  политика яц, тайп – тайпана хьежамаш бац. Цу т1ехь бохуш дерг  дара: дикуссеш еш  эвхьазаллин , оьздангалллин дозанаш лардархьара, х1унда аьлчи,вай хьалха а дийцина ма хиллара, дуккха а нахана , къаьстина кегийчу  нахана, 1аьт1къинера,   цу интернет сайташ т1ехь вовший сийзаш деш  статьяш а , комментареш а язъяр а, видеоклипаш гайтар а. Къаьстина 1аьт1къинера,  шайн синош вайн махкан дуьхьа  д1алуш болу муджах1идаш а, церан баьччанаш а сийсазбан г1ертар, бух боцуш долу,  церан  нигатан ц1аналла шеконе юьллуш долу цхьа йолчу сайташа даржош долу эладитанаш.

Хьалха а, 2007 – 2008 – чу шерашкахь,    масийтта тобанна декъаделлача,  бартбан г1ерташ лелийначу  бахьанех  ас ,сан накъосташа, цу т1аьхьа кхечара а,  г1уллакх  ца хилира, цундела барт хирг хиларх дог диллинчарех ву со.  Амма х1инца вай буьйцуш берг барт бар дацара, юха а цкъа  цу т1е тидам  бахийта лаьа сунна: х1инца вай доьхуш дерг,  абде абделлац барт хирг ца хилча а,  и эладитанаш даржор, и сийсаздарш сацадахьара, бохург дара.

Шолг1а делахь, цхьаболчара боху, цу лакхахь аьлчунна дуьхьал ала х1умма дац шайн, амма цу т1ехь болчуцхьа болчу  нахана реза дац шаьш.  Дукха дахараш!  массо а аг1оно къобал дичий бен  кхочушхила йиш юй и лакхахь деш долу «Диэхр».  Массо аг1оно а т1елаца ма диэза шена и оьздагаллин дозанаш лардар.  Массара а цу  диэхарна к1ел куьг та1ор, цара шайна т1елацар ма ду, т1аьхьа т1ейог1учу хенахь  и дозанаш дардан. Цул сов, цара шайна т1е мА лоцу, х1инца зорбане  яьхна йолу сийзадеш долу материалаш  д1аяхан. Массарна а а д1ахаийта лаьа суна, и « Мехкан диэхар»    зорбане даьлчи,  ас сатеснера,  шаьш   «Диэхарна»реза бу аьллачара,  шайн 1аткъамехь йолчу сайташ т1ера хьалха язйина  йолу, сийзаз деш йолу матералаш  д1аяхийтаре.   Амма и  сан сатийсам кхочуш ца хилча, ас диэхар дира, Ахьмад Закавевн уллерачу накъосташка, шайн ц1арах а, сан ц1арах Ахьмад Закаевга диэхар дахьара, цу шен 1ат1къам к1еллахь йолчу сайташ т1ера   сийсаздаран материалаш д1аяхийта  алахьара, аьлла. Иза  и кхочишхиллехь, со лерина вара, изза диэхар кхечу сайтийн дайшка а дан.

Кхозлаг1а делахь,  хаийта лаьа сунна,  «Диэхаран» бухахь  ц1ераш яьхначу   нахана  цу « Диэхаран» текст йовзийтача, цара цунна шаьш реза ду элира, амма и текст зорбане яккха мегар дуй аьлла, цаьрга хатта сан синкхетам ца  хилира. И сайн ледарло лору, цунна  суна къинтера довлар а доьху ас, и бахьанехь вас хиллачуьнга.

Доьазалаг1а делахь,    соьга йинчу кху   т1аьхьа йог1учу предложенин хьокъехь ала лаьара сунна . Иза х1ара ю::  «В связи с выше изложенным, Президиум Правительства ЧР-Ичкерия обращается к патриотам и  подписантам «Махкахошка диэхар», и прежде всего к Я. Сулумову:  стать членами комиссии в рассмотрении вопроса «О внешнеполитической деятельности ЧР–Ичкерия с 2001 года в отстаивании на международной арене государственности чеченского народа, в соответствии  с законодательством ЧР-Ичкерия и международного права»(http://ichkeria.info/index.php/importantly/11848-zayavlenie-prezidiuma-pravitelstva-chr-ichkeriya).

Дела реза хийла шуна, сан  сий- ларам барна, амма ас хьалха ма аллара, со  цхьана тобанца а вац, цхьанна а кепара политикна юкъа г1ерта лууш вац.  Сан озабезам, вайн Даймохк парг1ат баккха г1ерташ, шайн ц1ий 1енош, шайн синош д1алуш болчу муджах1идашца бу,   вайн Даймохк парг1ат баьккхинчул  т1аьхьа, вайн къомах дага а бевлла, цара х1отто ериг ю сан Конституци. Вайн нохчийн къоман бакъволчу поэта Апти Бисултанов дешнашца аьлчи,  сан Даймохк цу муджах1идийн когийн к1еллахь долу латта ду.

Со воккха ву,  сан йисина йолу , Дала елла йолу хан, Аллах1ана г1уллакх деш  яккха нигат долу ш ву, Дала мукъалахь.

Х1ара дерзош, а юха  цкъа диэхар дан лааьара сунна:  цу сайташ чура вовшийн сийзашдеш йолу материалаш д1аяхара, аьлла, хьалха уьш тоьхначо, хьалха йохуш. Цул т1аьхьа , кхи д1айолчу  хе

хенахь,  абдин абделлац барт ца хилчи а, вовшийн къийсадаларшкахь нохчийн оьздангаллин, эвхьазаллин  дозанаш лардахьара, аьлла.

 Оьздангалла, эвхьазалла нохчийн синкхетаман т1ум ю, къаьсттина уьш лардеш хилла вайн дайша олучу дашца.      Юха а цкъа дало лаьа сунна вайн нохчийн Иллийна т1ера дешнаш:

« Ма вала дакъаза, х1ай Баччин Элмарза!

Яхь йолчу к1енташлахь осал дош алар,

Дозалла дац хьуна, г1иллакхе дац иза,

Доккха эхь ду хьуна осал дош дийцар.

.. Тешаме дика к1ант юьртан куралла хеташ,

Г1иллакхе оьзда йо1 деган синкъерам лоруш,

 Яхь йолуш баьхначу нохчийн оьздачу к1ентий,

Сий лахдан мегар дац, х1ай Баччин Элмарза!»

Баччин Элмарзан осалчу дашо,  шен сий дайина ца цаьш. « яхь йолуш баьхначу   нохчийн оьздачу к1ентий» сий лахдан г1ертар лерина  цуьнан накъосташа.      И  тайпа синкхетам хилар бахьана долуш, шайн яхь д1а ца луш,  уггар вайн къоманна т1ех1оьттинчу халчу киртикех,  чекхдаьлла нохчийн къам.

Цхьаьнне а вас ярх ларвала г1иртира со   х1ара къамелаш д1акхоьхьучу заманчохь. Диэрзош  массаьрги диэхар до, ца хууш, ас цатам бинчуьнга сайн къинтера валар!

 Сайна вас йинчунна Делан дуьхьа со а къинтера ваьлла.

 Яраг1и Сулумов

Реклама

Добавить комментарий

Заполните поля или щелкните по значку, чтобы оставить свой комментарий:

Логотип WordPress.com

Для комментария используется ваша учётная запись WordPress.com. Выход / Изменить )

Фотография Twitter

Для комментария используется ваша учётная запись Twitter. Выход / Изменить )

Фотография Facebook

Для комментария используется ваша учётная запись Facebook. Выход / Изменить )

Google+ photo

Для комментария используется ваша учётная запись Google+. Выход / Изменить )

Connecting to %s

%d такие блоггеры, как: