Суна Идигов Ахьяд вевза ткъех шо ду. Цуьнан нах а бевза, церан дай баьхна мохк а. Ахьядан дика болх хилча дика а хетта, сингаттам баьлча новкъа а деъна. Интернет-чу и «кхаъ» гича новкъа деъна суна, дан декхар доццушехь. ХIунда-доццушехь? Мила ву и хабар интернет чу дилнарг? Йаккха шен цIе а-ден цIе а йоцуш, бийца-гайта мохк а боцуш, хьа вина — хьанах ваьлла ца хуучу хIуманера хьадолу хIума вайнаха дош йа чот ца лерина. Ткъа и «бехк» вовшехтасса-м доккха хьунар ца оьшу: ши диктофонни, гаьххьа мотт кершаш волу артисти.
Абдулаев Салавди. 13.04.2013
Filed under: Политика |
Добавить комментарий