Белла бала хьо, нохчийн мотт..

Нохчийн Мотт.

Нохчийн тоьллачех волчу яздархочуьнца Бексуланов Мусаца тхан хилла къамел нохчийн маттана тIера доладелира. Аьлча а, матто вайн дахарехь лаца езачу меттигах

Нохчийн яздархо Бексултанов Муса

20.01.2013

Масех шо хьалха тхан хиллачу рогIерчу къамелехь, Мусас дийцинера, нохчийн республикера школийн юьхьанцара классашкахь хьехар ненан матте даккха деза бохучу нахана юкъахь вара ша, бохуш. Цунах хIун хилира аьлла, аса деллачу хаттарна жоп луш, нохчийн къоман интеллигенци гуттар а ледара хиларан бахьана го шена цигахь аьлла, Мусас дийцира.

Бексултанов Муса: «Юьхьанцара классаш ненанн матте яхаран хьокъехь Москох кехаташ яздеш вара со а, Абдуллаев Лечи а, Ахмадов Муса а, кхин цхьаболу накъостий а.
Цкъа а, шозза а президентана Кадыров Рамзанна тIе а дахара. Барт а бой, тхо дIадолхара, чукхаьчча, Тимаевн мохь болу… (Ваха, Апти олу цунах. Шуьтара ву иза, Борзера) «Тхо кийча дац, вай кийча дац 4 класс нохчийн матте яккха!» олий.

ТIаьххьара тхо дахана долуш Рамзана тхоьга элира «шайна юкъахь барт бе цкъа. Шун барт ца хилча гIуллакх хир дац,» аьлла.

Дукха хан ялале телевизион чохь эли цо (Рамзана) «Iилманчаш-м ца боху хIумма а, и яздархой бу-кх гIовгIа еш.»

Ледара пал, нохчийн интеллигенци…

«Вайн къоман доьхнарг хIун ду хьуна аьлча, вай интеллигенци хилла а яц, хир яц. ХIунда хир яц аьлча, вайн интеллигенци цхьана сагIане сатесна хуьлу. Квартира лой, болх лой, машен лой, кхин лой, важа лой… доьналла долуш ца хуьлу.

Сан цхьа ойла кхоллаелла, хIокху махкахь ахархой бу, белхалой бу, даьхнилелорхой бу, гIишлошъярхой бу, дукха бу нах. Нохчийчохь уггара ледара нах — интеллигенци ю. ХIунда аьлча церан цхьа а доьналла дац. Царгахь Iилма доцун дела. Уьш полу-интеллигенци ю. Полу-хаарш долу, полу-майралла йолуш, полу-, полу-, полу-…

ДIабаханчехь къамел дан а, бистхила а «Со» боху хIума дац церан. Цундела ца доьду вайн цхьа а хIума дIа.

Ша санна шера хаьа, 4 класс ненан матте яьккхича бер Iилманах дика кхетар дуйла а, церан хаарш дукха хуьлийла а. Оха ца бохура массо предмет нохчийн матте яккха. ХIора дийнахь оьрсийн мотт-литература а хуьлуьйтуш, ненан мотт-литература а хилийтахьара, Iалам а, математика а хьехар хилийтахьара 4 класс чекхяллалц. ХIунда хилийта?

Оцу берашна йозанан мотт Iамийта, шен да висарг! Вай кухни чохь, базарахь буьйцуш берг нохчийн мотт бу. Амма, йозанан мотт хууш хIокху махкахь бIе стаг а вац! Куръан тIехь дуй баа йиш йолуш хIокху махкахь бIе стаг вац-кх, гIалаташ доцуш, нохчийн маттахь цхьа могIа язбан хууш. ХIунда бац? Вай и мотт Iамош боцун дера, йозанан мотт. Вайн бала боцун дера. Вайн меттан бала болуш цхьа да вац кху махкахь. Хилла а вац. Тахана санна дIадодахь хир а вац.»

Маршо радио: Мотт тохар бизнесс ю, ФСБе балха вахар – нохчашна юкъахь доккха дозалла ду таханлерчу дийнахь. Цунах пайда болу, ахча даккхало. Нохчийн маттаца боьзначу балхо ца кхобу.

Бексултанов Муса: «СССР боху пачхьалкх дагайогIу-кх хьуна. Оцу пачхьалкхехь Iаламат чIогIа дика конституци яра. Цу тIехь мотт бара, кхин а дара, важа дара. Массо къаьмнаш шайн мохк кхолла йиш йолуш дара оцу Конституцин тIехь. Вуьшта дацара.

Кхузахь я конституци яц, я хIумма дац. Шена дIакъаста луучу къоман дIакъаста бакъо яц ерриг Оьрсийчоьно референдумехь къаста ца дича. Иза чIогIа ирча низам ду.

ШолгIа, я СССР йолчу хенахь я хIинца а вай нохчийн мотт Iаморах лаьцна хIумма а дац. Школашкахь со доьшуш волчу хенахь а, хIинца а, дешархошна уггар ца лоруш йолу предмет ю нохчийн мотт, нохчийн литературий ю. Хилла ю, хIинца а ю.

ХIокху шерашкахь хIун хилла хьуна аьлча, вайн Iедал долуш, вайн нохчийн президент волуш, вай нохчийн министр волуш, массо-массо а волчу хенахь, школашкахь нохчийн меттан сахьташ дIадаьхна.

Университетехь аса доьшучу хенахь, дIадаханчу бIешеран 72-73-77 шерашкахь нохчийн факультетехь ъкоман отделенехь доьшуш 75 студент вара. Тахана цу факультетехь 7 хуьлу, 8-9 хуьлу я 12 хуьлу… Ткъа лоьрийн дешар Iамош 350 студент ву. Ишта низамаш Iамочехь ву, финансаш Iамочехь ву…

Цигахь уьш хIунда бу оццул дукха? Царгара кхаъ эцало уьш деша дIаоьцуш. 8 эзар долларна тIера I4 эзар долларна тIекхаччалц. Нохчийн факультетехь 8-9 студент ву. Цу матто вай кхобуш доцун дера ца воьду цхьа а.

Вайн матто кхобуш берш муьлаш бу? Ишколехь нохчийн мотт хьоьхуш болу хьехархой а бу, эцца нохчийн меттан цхьа газета ду «Даймохк», цхьа ши журнал а ду. Кхин вайн матто кхобуш кху махкахь цхьаъа хIума дац.

Ткъа оьрсийн мотт цкъа а дIабер бац оьрсийн пачхьалкх мел ю, хIунда аьлча, Оьрсийчохь мел дехаш долу къам оьрсийн матто кхобуш ду, вай а цхьаьна. Вайн мел долу хIума оьрсийн маттахь ду. И мотт боцуш вай цхьа хIума дIа ца доьду — кехат ца доьду, телеграмма ца йоьду, план дIа ца йоьду.»

Мотт бацахь — къам дац

Мотт ца хилча, къам дIадолуш хиларх ца кхета дуккха а Нохчийчура нах. Стенца боьзна бу и цакхетам?

Бексултанов: «Вай къам доцун дера. Вай кхиина даьлла меттан а, мехкан а, къоман а кхетам болу къам дац вай. Вай тайпанашкий, районашкий, тукхамашкий, хьаларий-охьарий декъа а делла, цхьа акха хIуманаш юй, шен-шен гу лакхара хеташ йолу, и тайпа хIуманаш (вай) йолун дера.

Вай къам хилча вай — вайн мотт хир бара, вайн ишколаш хир яра, чохь хазза доьналла долу интеллигенци а хир яра. И ду-кх вайн галдаьлларг. Вай къам ца хилар ду дериге а.

Со машенахь воьдуш цхьаммо машен чуьра корехула сигаьркийн ботт аракхоьссича и сийна цIе лета-кх сох. Деллахь ма стаг вац хьо, аьлла хета суна. Ма къонах вац хьо, хIокху махкахца бала бац-кх хьан. ХIумма ян а яц хьо, олий хета.»

Маршо радио: Ненан маттах цавашар стенгара даьлла нохчашна?

Бексултанов: «Ца вашар дац иза, Iовдалалла ю. Царна и мотт коьрта буй ца хаьа. Мотт дIабаьлча бен дIадолуш дац къам. Къаьмнаш дIадовлуш ма дац. Мотт бу бовш берг. Дайначу къаьмнаша шайн мотт бицбина. Кхечу къаьмнех дIа а ийна, къам долчуьра дIабевлла уьш.

Масала вайн нохчех цхьа 100 эзар стаг Инде охьаховшийча, мотт биц ца беш, вай цунах Даймохк бо. Вайн маттера цIераш тохку, топоними йо, кхин дерг до. Вай къам хуьлу.ю Амма вайна мотт бицло-кх, вай индийцех дIаоь. Вай къам ца хуьлу.

Израил бохуш ю-кх цхьа пачхьалкх. ХIокху шина эзар шарахь иштта къуьйсуш-къуьйсуш-къуьйсуш, шайн мотт ца бицбар бахьана долуш, пачхьалкх кхоьллина цара оцу Iаьрбийн деган юккъехь. И латта шайн доццушехь.

Иврит маттахь яздеш волчу жуьгтичо Нобелан совгIат эцна. Кхетий хьо? Ишта бу яхь йолуш болу нах.

Кху дуьненчохь Дала кхоьллинчу стеган коьртаниг хIун хила деза? Дала шена делла долу динний, шен моттий, шен мохккий — и кхо хIума хила деза. Оцу маттаца къам ду, махкаца къам ду.»

Маршо радио: Лакхара хьаькамо омар охьа ца доссийча, ненан мотт лараран кхин агIо яц? Я нах кхеташ бу, Оьрсийчоьно нохчийн мотт чIагI ца балийта новкъарло йийриг хиларх?

Бексултанов: «4 класс юкъаяккха аьлла тхо дуьйладелча вай дешаран министраллера ара а бевлла, цхьа Асланбек вара иза, мила вара иза — цIе йицъелла суна цуьнан — цхьаъ хьалха а ваьлла, и мел болу хьехархой говтта а бина, телевизион чухула цара яьхна йолу роликаш схьагойтуш…

И 4 класс нохчийн матте яккха алахь оха митингаш йийр ю бохуш, вайнехан оцу зударша, цара. «Тхан бераш Iовдала даха гIерта уьш», бохуш.

Дуьненахь (лелаш дерг схьаэцча) яздархочо яздинарг шен ненан маттахь дацахь, шен къоман яздархо лоруш вац. Аса гIазакхийн маттахь яздахь, со нохчийн яздархо лоруш вац цхьана меттехь.

ЮНЕСКОс 100 шо даьлча дIабер бу аьлла билгалбаьккхина бу вайн мотт. Нийса язбина а бу.

Цхьана меттехь хIокху республикехь нохчийн яздина йоза гур дац хьуна. Лакхарчу цхьана хьаькамо «и хIун ду аша дийриг, нохчийн маттахь язде» аьлча, чекхдолуш дара иза. Амма вай иза ца олу. Вайна иза оьшуш дац.

Зорбанан цIа чохь болх беш ду тхо. 7-8 шо дIадели-кх оха Зорбанан ЦIа язде боху. Дийцина-дийцина, стохка халла Делан балийца яздина оха иза (нохчийн маттахь). Цхьана агIора Дом Печати ду, вукху агIора — Зорбанан ЦIа ду.

Кху махкахь бан а боцуш урам бац — Степной, Рабочий, ва Гаражный а, дукха бу уьш… Хьо ГIалгIай махка гIо хьо, ерриг и цIераш дIа а яьхна, шайн яздархойн, суртдиллархойн, композерийн, лоьрийн а, шайн эвлаяийна а цIераш елла цара. ТIекхуьучу чкъуро цунна тидам бо.»

Хьенехов Минехан министралла

Хьекъалца, дешна хиларца ца хадабо Нохчийчохь балха оьцучу стеган мах. Тайпа-тукхамера велахь бен, белхан меттиге сатуьйсийла яц боху сурт ду тахана боху сурт ду тахана Нохчийчохь.

Бексултанов: «Вай къам дац. Къам ца хиларан билгало хIун ю алий аса?

Масала, со министр вахча аса сайн тайпана мел волу стаг дIа а вуьгий, сайн стунцахойх мел верг а дIавуьгу аса, сайн вежарий дIабуьгу… Министралла сох лаьтташ хуьлу-кх. Масех доьзалх лаьтташ хуьлу, Iовдала мел хуьлу а, гIолехь долуш.

Хьекъал долчу къомо Iилма долу стаг валаво. Цхьана декъан хьаьакам хуьлу-кх, цигахь мел верг цуьнан фамили йолуш хуьлу. Хир бац уьш хьекъална гIоли болуш-м.

Вайн мотт вай ца лелоран бахьана, хьала ца айаран бахьана кхин цхьа а дац, вай кхетам ца хилар бен. Вай Iовдала хилар ду.»

Маршо радио: И ненан мотт школехь юкъабаккхарна нохчийн наной дуьхьала хиларан бахьана иза Iаморан кеп ледара хиларца доьзна-м дац те? Советан заманахь тIехь болх бан беза школин книгаш чIогIа сингаттаме яра. Суна а дагайогIу уьш. Тахана хIун хийцаделла?

Бексултанов: «Цу хенахь рабочий (къинхьегаман), коммунистийн тема хила езаш яра. И теманаш леррина хоржуш яра. Оьрсийн маттахь ерш а яра уьш-м. Горькийн «Мать», «На дне», хIунех-минех бохуш, дагайогIий хьуна? Вай маттахь диканиш кхолла йиш йолуш ду, амма вай цу тIера ца довлу юха а.

ВаллахIи-биллахIи со чIогIа цецваьлла ву хIокху нахах. Ахьа ишколашна кхуллуш йолу Iаморан книга, хаза гIарчI-аьлла дIахIиттийна яздархой болуш, Iилманчаш болуш (кхоьллина) комисси яц цхьа а.
Эцца шайн блат йолуш, «хIа, хIара чекхяккхахь, схьаделча аса ах дIалур ду хьуна» бохуш (хуьлу)… Цундела иштта ду-кх вайн дешар. Вайн хаарш ишта ду, вайн кхетарш ишта ду… Вай кхета а кхетта, вай хIаллак хуьлуш ду аьлла, орца даккхахь хIаллак хир долуш ду вай.

Оха и мотт дIаболуш бу боху, телевизионехь вовшах кхетий «цара хабар юьйцу, вайн мотт дIаболуш бац, массо меттахь буьйцуш бу» олу.

Бийцар бац… Оха буьйцуш берг йозанан мотт бу. Шен маттахь кехат яздан, хьесапдан, (чукховдош долу) дIахьедар дан хууш цхьа да вац хIокху махкахь.

Телевизион ю гочдеш, мах луш нах а лаьцна. Цхьа ши-кхо стаг ву. Нохчийн маттахь нийса яздан хууш цхьа стаг вац хIокху республикехь.

Цул сов вайн нохчий маттахь вайн меттан низамашца йогIуш кхоьллина цхьа бакъо яц. Ерриг а оьрсийн бакъонашна тIера копи йина ю. ХIора меттан шен низам ма ду. Шен Iилма доцуш мотт хуьлуш ма бац цкъа а. Шен меттан низамашца бакъонаш кхолла Iилманчаш хилла.»

Маршо радио: Таханлерчу школин программина муьлха яздархой юкъабахийтина?

Бексултанов: «Аса дуьйцу ду хьоьга. Хьажал. Франци бохуш пачхьаьлкх ю, юй Европехь? Оцу Францехь школан программина юкъавахана волу стаг вуй, уггар лакхарчу лакхене кхаьчна, лакхара ларам болуш стагву. Иза классик ву.

Вайн нохчийн школан программина юкъахь мила ву хаьий хьуна? Цхьа байт язъйинарг, ши байт язъйинарг, 3 язъйинарг ву. Цхьа книга ара ца яьлларг ву.

Цундела вайн нохчийн литературехь (хьоьхучу литературехь) гIурт бу-кх. Цигахь хила везаш мила ву, соьга хаьттича? Яздархойх — ши Мамакаев — Мохьмад, Iаьрбий; Кибиеввий, Дикаев, Хазбулатов, Арсанукаев (Шайхи), Гацаев СаьIид, Абдуллаев Лечий, Бисултанов Аптий. Кхин цхьа вац. 50 поэтах 7-8 бен поэт вац кху махкахь школан программина юкъаваха бакъо йолуш.»

Экаме оьрсийн-нохчийн доттагIалла

Бексултановн цхьа дийцар ду ШолгIа Дуьненан ТIамера майра фашисташна дуьхьал летта нохчо схьа а лаьцна, инзаре шийлачу набахтешкахула чекхваьллачу Париев Алхастах лаьцна. Иза а ца магадо школин программина юкъатоха?

Бексултанов: «Иза Москох ара ца ялийтина сан. Иза а ца ялийтина, кхин а цхьа дийцарш дара сан. Уьш ца довлийтина.

Цул а сайна даийтина жоп дийца аса хьуна. «Если выйдет ваш рассказ, нарушатся налаживающиеся вот-вот отношения между чеченским и русским народом.» Сан дийцарш Москох арадевлча, нохчашний, гIазакхашний юкъара доттагIалла духуш хилла-кх. Кхетий хьо? Ишта ду-кх кхузара хьал. Деллахь ду-кх.

Литературехь изза хьал ду хьуна. I00 сов нах бу Москох дIа а оьхуш, яздархой бу аьлла, кехаташ долуш. Тахана, хIара ву-кх яздархо ала 3-4 стаг вац кху республикехь.

Iаламат чIогIа дика прозаик Яхъяев Хьасамби вара, хьо марша. ДIаваьлла иза. Цо кIезга а яздинера.
Дикачех дика поэт Бисултанов Аптий, Абдуллаев Лечий ву. Сан могIарехь берш буьйцу аса.

Яздеш, прозехь дикка хIума чудуьллуш Ахмадов Муса ву. Яздеш-м шортта бу, ба-м. Амма боккъалла дика яздар — Iаламат чIогIа хала хIума ду. Дика яздархо хила боху аса. Охьаяздарх, яздархо хуьлуш вац.

Шен нахана, шен доьзална, шен цIенна а пайде воцуш, хуьлуш ву. Ишта ца хила, дика яздархо хуьлийла дац.
Хьо, ишта коча галстук оьллина, волаварах, цхьаъ Iехош, вукхуьнга сагIа доьхуш, цунах бахам бан гIерташ хуьлу-кх. Яздархочун цIарах хьо цIа, машен, йоI маре йохуьйтуш, кIантана зуда ялош, цунна дакъа-петар эца лууш вуй хьо? Хьо яздархо хила йиш яц тIаккха.
Школан программаш ишта хIаллак йина ю-кх вайн.»

Маршо радио: ХIокху шина тIамехь хьалакхиина кегийчу нехан чкъор чIогIа тамашийна хьалакхиина лору. Эхь-бехк, гIиллак-гIуллакх, я дешаршна тIехь гена бевлла а ца лору уьш. Царна тIедоьгIна хIун деш ду республикехь?

Бексултанов: Тахана санна тамашийна кегий нах, бераш — церан бехк бац иза, хIокху шина тIамна юкъа нисбелла, хилла чкъор ду иза — я гIазакхийн мотт ца хууш, я нохчийн мотт ца хууш, я гIиллакх хIун ду ца хаьа, хIун дац ца хаьа. Цхьа даьхний санна хьалакхоьллина нах бу-кх.

Я Дала хьала, охьа кхоьллина вайн цхьана ВУЗехь (Лакхарчу доьшийлехь) луш цхьа а дешар дац. ГIаьххьачул дика I0 класс даьккхина долу бер дуй, вай университет яьккхинчул а тоьлуш ду-кх. Ишта ду-кх тхан хьал.

Маршо радио: ХIа, хIинца ненан маттах гIуллакх ца хилла дели. Кхеченхьа стенгахь бу кхиамаш?

Бексултанов: «Кху чохь, ванах хIокху декъехь — дешар хила иза, култура хила иза, медицина хила иза — ванах, хIара меттиг ю-кх, хила ма-еззара болх беш цхьа меттиг яц кху Нохчийчохь. Ерриг цхьа самодеятельность (фолклор) ю. Юьртахь хуьлий и дIо ца балалайка оьций, ансамбл ю, бохуш, цхьа тамашийн нах — оцу тайппа самодеятельность ю-кх массо меттехь. Iилман бух болуш цхьаа меттиг яц. Хьалха а дацара иза, хIинца а дац. Хьалха цхьа моттаргIанаш яра. ХIинца моттаргIанаш яц, иштта ду-кх дерриг а.»

Маршо радиоца телефонехула Соьлж-гIалара къамел динарг вара вевзаш волу нохчийн яздархо Бексултанов Муса.

Комменташ
Hasan стенгара: Belgique

27.01.2013 01:27
Жоп
Atta hum dac hara. Dal bu hastam, vai mott dag bollash, iz ca balliita gertash nah hilarna. Dela reza hiliila, Beksultanov Musaina!

мила: Абузар стенгара: Кхошкелда

21.01.2013 21:05
Жоп
Нохчийн маттаца йоьзна ю нохчийн истори. Матте ладоьг1ча вай мел шира къам ду къасталур ду. Г1азакхашна оьшуш дац вайна, нахана и хаа.
Вай гуттар ду къе-миска. Къийса таро ца хуьлу вай. Хира-м хьаханора яра Зверевний, Собчакиний, и санна болу вайн къомара нохчийн бохкалуш болу артисашна ахча ца дойуш, 1илма долчу нахана луш делхьара. Амма вай нохчаша вовше хьалха понташ кхуьйсуш, яккхий ресторанаш лоцуш, даккхий ловзарш дийр дара. Циге къоман нах-йоцу инарлаш кхойкхуш. Суна цкъа а ца хезна хьенехо доккха ловзар ца дайтина шен к1антана зуда ялош, ша и харж цулле онкоглоги йолчарна я 1илма долчарна йийр ю аьлла. Валлах1и, ишта стаг сайна карийча, даггар Деле воьхур вара.

мила: мохьмад стенгара: канада

21.01.2013 12:28
Жоп
Вешан пачхьалкх хиллалц хьежахь и мел дахлур ду хуур дац цхьа Далла бен! Цундела вай ваьш цхьа некъ лаха беза! Масала, вай чуьрчу берашна кест-кестта нохчийн меттан дарсаш ло ас, амма цкъачунна и компйутер чу йилла карах ца долуш 1а со. Берашна х1инцале шиъ-кхоъ мотт хаъ. Воккхах волчунна (цуьнан 12 шо кхочуш лаьтта) нохчийн, ингалсойн, французойн маттахь вай баккхийчарнаъ мегарг ца хууш долу к1иран денойн ц1ераш а, терахьаш а хаъ. Вукхарна ши мотт хаъ. Ас х1инццехь дуьйна цаьрга кест-кестта олу нагахь шу даккхий а хилла деша д1асадовлахь, аш нохчийн маттахь даийтина кехат(мессаж) бен ас доьшур дац шуна. Вай баккхийчара царна масал гойтур ду ваьш вешан гергарчаьрга йаздеш долу кехаташ а нохчийн маттахь йаздарца. Ваьш деш долу тафсираллаш (комменташ)нохчийн маттахь дан мегар ду. Маршон радион вебсайтехь вай йиш хил-хиллачуьра вайна хетарг вешан маттахь йаздан г1иртича а дика хир дара. Со цецвоккху, сан дог эт1адо вай вешан мостаг1ийн маттах д1а ца къасталуш, и г1азкхийн мотт ца хилча вай лирдолуш санна цуьнан сий даро и вай ц1ийх боьлла хиларо, ур-атталла вай йеш йолу ойланаш а оцу маттахь хиларо. Вай б1озза маьрша доьвла вешан пачхьалкх йина д1ах1иттарх, вай ойланаш оцу мостаг1ийн маттах маьрша ца йовлахь, маршо, парг1ато хьехо а ца оьшу, оцуьн дуьхьа эрна ц1ий 1ено а ца оьшу, къахьегаъ ца оьшу.
Жоп луш
мила: Увайс стенгара: Грозный

21.01.2013 15:06
Жоп
Мохьмад, салам 1алейкум! Ишшта ахь ма бохху хета суна вайгахь лаьтташ долу хьал! Вайн веш схьадевла орам бицбелла дукхахболчарна, доьзалахь, ц1ийн барамехь буьйцучу къен маттаца вайн г1иллакхан, 1илман т1ег1а лахало, вайн хаа оьшуш долу х1ума вайн сихонца интернетчохь, оьрсийн жайнашкахь кара до, цундела ненан мотт «кухни» мотт хилла, фольклоьра (халкхлоьра) мотт хилла бовш лаьтта, хьалха хилла йолу оьрсаш ма аллара «сакральный» суьпаллин роль д1аялла вайн маттан эзар шерашкахь хилла йолу! Хурритан, урарту (арартан) т1аьхье вай йойуш лаьтта, вайн дайшкахь хилла долу доьнал х1инца вайгахь (шуьро эцча иза маь1ана-къомехь) доцуш ду! Вай тахана сама ца довлахь дерриг х1аллакхуьлуш ду цхьа Дала шена къинхетам ца бахь вайх! Вай элийнах хилар хилар дицделла вайна ( Божьи люди) дара вай ширачу заманахь, т1аккха вайн истории йицялар бахьан долуш вайх т1емлой хилира, 1илма д1аакхоьссина! Вай т1емлой долуш, 1илма-иман хила деза вайгахь, т1аккха боккъала болу ницкъ гучу бер бу вайгахь ц1ийх боьлла болу Дала мукъалахь! Шуна аьтто бойла Дала хийрачу махкахь! Мотт хьайн бере оьрсиниг 1амабайта ахь, мотт хаар новкъа дац мостаг1чуьнниг къаьстина хаа беза! Тахана вай кхузахь дуьйцуш долу х1уманаш Дахмахкахь болчу нахана дастаме хета, царна нахарташ кисна яхкар дезуо ду!

мила: нохчи

20.01.2013 21:39
Жоп
Кеста Мусан дицарш т1ехь долу » Мархийн к1ай г1арг1улеш» ц1е йолу сборник хир ю Дала мукъ лахь http://zhaina.com/ сайт т1ехь .

мила: Рамзан стенгара: франци

20.01.2013 16:58
Жоп
Цхьамо мукъне орц даькхча,ла дуг1уш да вер вац те,ма доьхна чолхе г1уллакх дукха вай нена маттаца.Нохчий маттахь яздар,ца дицичи а вовшешка вай маттахь бист хилар а ду цхьа болчер наггахь,Цхьа дега йовхо ю ярташкахь нохчийн мотт бийцар,Москохар хьа ц1къа а хир дац омар нохчий мотт лар беш,и мотт биц бахьара аьлла са тесна болу уьш.Вай ваьшша сама а доьвла бала ца кхачахь.
Муса дала аьтто бойла иштта нах къоман дега йовхо ю

мила: Бакар стенгара: Антверпен

20.01.2013 04:08
Жоп

Ас дог дилнера къонаха ца висинакх Нохчийчохь аьлла. Борша къамел дан ваьхьаш цхьа Муса бие ца вели.

Реклама

Добавить комментарий

Заполните поля или щелкните по значку, чтобы оставить свой комментарий:

Логотип WordPress.com

Для комментария используется ваша учётная запись WordPress.com. Выход / Изменить )

Фотография Twitter

Для комментария используется ваша учётная запись Twitter. Выход / Изменить )

Фотография Facebook

Для комментария используется ваша учётная запись Facebook. Выход / Изменить )

Google+ photo

Для комментария используется ваша учётная запись Google+. Выход / Изменить )

Connecting to %s

%d такие блоггеры, как: